Дикка хан яра историн талламхо волу Адам Итонера хаам хилаза. Амма х1окху деношкахь цуьнгара деанча кехато, баккъалла а, доккха хазахетар дира суна. Адамас схьатеснарг шен рог1ера 1илман-талламан болх бу. Хаза дашан ала а доцуш, Адама хьоьгуш долу къа доккха маь1не долуш ду. Ша 1илман-чулацам сов-башха тамехь хиларал совнах, цунна т1е, ночийн маттахь а бу цуьна белхаш. Кхин а ала лаьа суна, хаздина т1етохар доцуш, ша 1илманан яздаран стиль а, ненан маттахь цуьнан 1илмана-охьадиллар а (научное изложение), 1аламат, ша-тайпа даганна дика асара еш а карадо суна.
Дала диканца бекхам бойла хьуна Адам! Дала аьтто бойла хьан 1илман-кхолламан къахьегарехь!
НМ Тхьамда.
***
Ассалом-1алайкум, лераме Тхьамда!
Суна ч1ог1а дика хийти, аш юха а шайн болх д1аболийна. Дала, Шен диканца бекхам бойла шуна. Тхьамда, хьан кехатна х1етахь жоп далар цахилира сан. Иза деънийла а цахиира суна х1инца т1аьхьа бен. Бахьна, ас х1етахь, нехан «маил» т1ера шуьца болх барна дара. Хьан кехат а цу т1ехь кхаьчнера.
Цундела х1ара сан йоза, ас хьайна цунна дуьхьала делла жоп лара мегар ду хьуна.
***
«Со ламчу вог1ура кху ширчу новкъахь,
Некъаца тидам беш, т1улгашка хьийжи.
Дай баьхна г1ирсаш а, хилларг а довзош,
Цу т1улгийн тархаша шайн мотт а бийци»
(М.Мамакаев)
Вайна ма-хаара, Кавказехь цхьа къам ду, шен схьадалар аланех хилар кураллица билгаладохуш.Оцу шен хабаран мухха а кхоьллина цхьа бух кхолла г1ерташ, шаьш шайха аланаш аьлла а ца1аш, шайн махкаха а Москохарачу 1эдалан пурбанца, «Алания» боху ц1е а тиллина цара. Кхеташ ду аьлла хета, вай дуьйцуш дерг, нохчаша шех «х1ирий» олуш долу къам хилар.
Ткъа и этноним вайн маттаца шен этимологи йича хила тарлуш ю, «хийра», «хийри» бохучу вайн аларшна т1ехь шен бух болуш. Масала, «х» элип, «х1» аларе а даьлла. Нагахь боккъалла и ишта делахь, «х1ирий» бохучу ц1ердешан маь1на, нохчийн маттара ша оьрсийн меттан маь1не аьлча; «чужие», «инородные», «пришельцы» (ишта д1а кхин а), кепара хуьлу. Вай бохург т1еч1аг1деш санна ду, профессора А.Гадагатлас (А.Гадагатли: «Нарти») адыгин (чергзийн) маттахь долу «осэтын», шен схьадалар чергзийн – «уаэс» (оьр.- «дань») дашах ду бохург а. Шен фонемаца а, чулацамца а нохчийн «ясакх»бохучу дашца цхьанадог1уш долу. Т1аккха А. Гадагатлас и дош ишта тидар а ду, яханачу заманашкахь осетинаша, кхечу кавказхошна шайгара ясакх луш хилча санна, шен маь1на долуш.
Цу тайпа, Кавказан уггаре а ширачу меттанашкахь, «х1ирий», «осетин» бохучу этнонимах хуьлучу этимологаша гойту, цхьана хенахь Кавказехь х1ирийн хилла тарлуш долучу 1эр-дахаран тег1е. Вай дуьйцург, шеца цхьа «нун» доцуш дац аьлла хета, нагахь цхьаболучу историкаша (лингвисташа а) х1ирийн мотт, фарсин меттан цхьа гар а ду, ткъа уьш шаьш схьабовлар а, иранхойха ду бохуш хилча муххале а.
Т1акхха кхечу 1илманчаша а дийцарехь (со галцаваьллехь, Дени Баксан а ву моьтту суна цараха) х1инцалера х1ирий, Иранехь цхьа доккха зен-зулам а дина, цигара бевда Кавказе баьхкийна жуьктий бу. Делахь а, жуьктийн-х1ирийн хила тарлуш йолу вежараллийн «х1ож-м1ода» вайна къаьстина гуш яцахь а, и саннийг шех ала лур долуш дац, масала, г1азакхийн-х1ирийн вежаралла. Иза хаало, х1окху т1аьхьарчу 3-4 б1ешарашкахь, кхин болу кавказхой, (къаьстина нохчий) «акхарой», «бандиташ», «террористаш» бохуш оьрсаша х1алакбечохь, шайн махкахь баха цабуьтучохь, кхин д1а мел долу та1зараш царна т1ехь латтадечохь, цкъаллийге цкъа, ларамаза нисбелла а, оцу къаьмнашна юкъехь х1ирий цанисбаларца а.
Иштаниг тешна а цанислора, и г1азакхий Кавказе кхаьчначул т1аьхьа дуьйна, цара шайна т1ехь дечу 1уналца, х1ирийн тайпанех цхьа къам а хилий, кхечу къаьмнийн лаьттан чоьтаха, церан дийнна мохк а хилий. Суна хетарехь, г1азакхаша, х1ираша Кавказахь вовшашца латтош болу озабезам, оцу шина къоман юкъара цхьа кериста дин хиларал а совнаха, кхин х1ума хетало.
Кхузахь цуьнан коьрта бахьна, и ший а къам, Кавказе т1едаьхкина хийра къаьмнаш хиларна ду. Цундела кхечу кавказхошна хьалхахьа и шайн кхачамбацар д1абаккха г1ерташ дуккха а къахьегначохь тера ду оьрсийн-х1ирийн «1илманчаша», Кавказан къамнийн юкъара истори шайна т1е юха а язъеш. Цу «къинхьегаман» коьрта жам1а лара мегар ду, Х1ирийчоьнах, цара «Алани» аьлла ц1е хийцина хилар. Ткъа иштачо оьрсийн аьтто кхуллу, цкъа мацах хиллачу «Алани» дозанаш, х1инцалерачу Х1ирийчоьнан латтанашкахь бен цахилла бохуш, цхьадолу Кавказан къамнийн латтанаш шайн хилла баха.
Изза аьтто хуьлу х1ирийн а, «тхо, Кавказан «кхерчан» коьрта къам а ду, цундела тхан кхузахь, кхечу къаьмнел а бакъонаш алсам ю», баха. Амма цара муьлхачу аг1ора Кавказан д1адахнарг дийцахь а, теша хала ду, Кавказан шинна а х1орданна юкъерачу аренашкахь 1иллиначу, ширачу Аланехь, цхьа х1ирий бен цабаьхна бохучохь. Х1унда аьлча, оцулла шайца ялтаца а, алаца а токхе хилла долу и латтанаш, цхьана х1иришна кара а дахийтина, кхин долу Кавказан къамнаш 1адда 1ийна бохург, бакъ хуьлийла дац. Цундела вай х1инца хьовсур ду, «Алани» боху ц1ердош, ша мукъане а хилле те, х1ирийн маттахь бохучунга.
Нохчийн 1илманчас Я.Вагаповс, «алан» боху дош туьду, нохчийн маттара, ша оьрсийн маттахь аьлча, «речная долина» ду бохучуьнца. Амма оьрсийн «речная долина» нохчийн маттахь гочдеш юха аьлча, «алан» дац, «атаг1а ду. Ткъа Дж.Сулеймановс дийцарехь, «алан» нохчийн - «ара» бохучу дашна т1ера хуьлуш ду. Хетарехь иза а, шен бийца кхин бух болуш цахета.
Цу дашах еш йолу этимологи, сан кхетамехь, уггаре а хьалха ян йог1у шумерийн - ширачу арамейн - нохчийн меттанашкахь. Цул а совнаха, Кавказехь «Алания» бохуш хиллачу мехкан ц1е, ас цхьана мог1аре х1оттор яра, Тоурато, «Сенаар», «Ханаан» бохуш юьйцучу гергарачу Малхбалехь хиллачу латтанийн ц1ерашца. Ткъа уьш, Тоурато ма-дийццара, Дала даздина хиллачу латтанийн ц1ераш ю. Оцу ц1ерийн кхетамехь карор ду вайна «Алани» бохург а, нагахь цуьнан этимологи вай ишта яхь. Доьшур вай х1инца и, «Ал»+«ан» («а»,-«е»,-«и») аьлла. Цу дешан хьалхара, «Ал» (ишта, «Эл» а) боху дешдакъа, вай билгаладаьхначу ширачу меттанашкахь, вайн х1инцалерачу маттара;
«Дэла», «Даьли», «Дали» (тайп-тайпаначу диал.) ма-ярри хилла. Амма цхьа а шеко йоцуш ду, нохчийн; - «ал»,- «эл»,- «аьл» (т.т.д.) а, ишта, «Дэла», «Дали» (т.т.д.) шайн вовшашна чуччара гергалонаш долуш хилар. Масала; нохчаша олу - «цхьа Дэла (Дали) воцург бен, кхин эла (али) вац тхан».
Цу тайпа, шеко йоцуш ду, «Ал» («Эл») бохуш йолу Дэлан ц1е, эзара шераш хьалха дуьйна адамашна евзаш хилла хилар а. Билгаладокххур вай кхузахь, 1илманчаша дийцарехь Ибрах1им-пайхамаран (а.с.) Делан ц1е а (АЛЛАХ1), ишта йоккхуш хилла цу хенахь. Т1ахьоо, Ибрах1иман-пайхамаран (а.с.) дин т1ера д1адевлачу цхьадолучу гергарачу Малхбалехь даьхначу къаьмнаша, шайн якххичу таг1утехь а, йокххуш хилла и тайпа ц1е.
Дахкор вай кхузахь оцу ц1ердашна т1ера схьакхолладелла (производни) дешнаш а, церан чулацамаш а, масала:
1) ал - (оьрс. - «скажи», «прикажи»);
2) ало - «ц1е» (Дала адамна совг1атна елла йолу);
3) алха - (единственни), «алха цхьаъ» (он единственный), хила тарло – «ал»+«ха», бохучу кепе а, ша оьрсийн маттахь аьлча - «властелин времени» бохучу маь1не а долуш;
4) эл, али, аьл (т.т.д.) - «князь», «феодал»;
5) Элби, Эл, Эльди, Алдам, Алхаст (и.д1.кх.а ) - нохчийн божарийн ц1ераш;
6) «ал» - ц1ийнан бос. Цуьнан хила тарло маь1на; Адаман гом, Дала поппарах кхоьллина. Т1аккха цунна делла «са», Дала Шен омрица ялсаманара адамна кийра доьссина ду боху. Ткъа 1илмано ч1аг1до, адаман «са», адаман ц1ийца ду бохуш. Цунделахила тарло, «алла ц1ий» бохучу аларца, Аллах1ан (с.т.) ц1еран билгаллонан гайтам. Toyрато цу хьокъехь ишта боху:
«Благословил Бог Ноя и сынов его, и сказал....» (Бытие: 9-1 ) ....
«Я взыщу кровь, в которой душа ваша...» (Бытие: 9-5)
7) Ишта Аллах1ан (с.т.) ц1еран билгалонаш хета, Цо шен къинхетамца адамна а, хьайбанна а латточу рицкъанан ц1ерашца - «ял(таца)», «ал(аца)» и.д1.кх. а.
8) Дала адамна латтат1ехь болх бан деллачу хьайбанах а олу – «ал(аша)» (южу говр); кхузахь, «аша» = «аха». Масала, «аьшна меттиг» = «аьхна меттиг».
9) Къор1анан т1ехь боху: «Церан тидам цахуьлу теша шайна т1ехь лелачу алхазурах, цара т1емаш даржадеш, уьш т1етт1адохкуш а? Мила ву церан г1аттам хуьлуьйтуш верг, Къинхетаме воцург бен?» (Къор1ан: 67-19).
Вайна и Делан билгало ган еза аьлла хета «алхазурана» дашна хьалха лаьттачу «Ал» аьллачу дешдакъаца а. Цуьнан тоьшалла деш санна ду 1эламнехан цхьа дийцар. Цу дийцарехь боху: «..стигланийн 1аршашна т1ехь Далла ч1ог1а дукха дезаш, шук1ар санна к1айн, инзаре доккха, массо а алхазурийн коьрта алхазур ду, ша борг1алан сибате а долуш. Буьйса денца хийцалучу хенахь, массо а 1аршашна шен «зур» хозуьйтуш дека боху иза, х1окху дуьненчуьра дерриг а жил-1алам самадаккхархьама. Эццахь, и цуьнан аз шайна хезий, цунна дуьхьала ека боху дуьненчуьра н1аьнарчий а. Оцу массо а алхазуран коьртачу Алхазуран ц1еран маь1на а, «Ал»+ «ха»+ «зур» - «Аллах1ан хенан зурманча» долуш санна хетало. Амма цунаха бакъдерг Далла Шена бен цахьа. Ткъа вай дийцинарг вайна тарделларг бен дац. Дала къийлахь ма-лорийла иза.
Хетарехь х1инца дешархочуьнан цхьа а шеко ийсна хир яц аьлла хета, вай шен этимологи
ечу «Ал»+«ан» («а»,-«е»,-«и») бохучу ц1ердешан хьалхара «Ал» нохчийн маттахь хиларна. Цундела цу дешан шоллаг1ачу «ан» бохучу дешдекъан хьесап дийр ду вай х1инца. И дош вайна карор ду, ширачу арамейн а, нохчийн меттанашкахь а. Цуьнан нохчийн маттахь ма-дарра долу маь1на вайна ган деза - «чакхе йоцу - (стигланаш, аренаш)» бохучу кхетамехь. Оьрсийн маттахь вай аьлча - «бесконечность», «пространство», «простор» (и.д1.кх.) бохучу чулацамца. Масала, нохчийн –«анаюх», оьрс.мат. даьккхича - «начало (или конец) пространства», «горизонт» бохучу кхетаме хир дара.
Х1инца вайга атта тидалуш ду «Алани» бохург а. Нагахь вай иза «Ал + ан (- «а»,-«и»,-«е») аларца дешахь, и х1инцалерачу нохчийн маттахь кхета деза - «Аллах1ан ана», «Делан ана» (- «ара»,- «мохк», «латта») и.д1.кх.а долучу маь1нашца а долуш. Оьрсийн маттахь доцца аьлча - «Божественная земля» бохучу кхетаме хир дара иза (тидам бе, вай юьйцург КАВКАЗ хилар).
Ишта долу масалаш вайна карадо х1инцалерачу Нохчийчоьнан топонимашца а, масала, «Делит1е» (Хьачарахь), «Делит1е» (Вегичохь), «Делан ара»(Зумсахь) (Сулейманов А. «Топономия Чечни»). Т1аьххьара далийна долу масал, цхьаъ цхьанна санна нислуш ду - «Ал+ани» бохучу кхетамехь. Оцу топонимин мог1арашкара топоним ю Ч1аьнтахь, Ч1инахахь, Хьачарахь йолу (и.д1.кх.а) - «Сиэлет1е» («Си(а)+эл» = Дела) бохуш ерг а. Цу тайпа, «Алани» бохучу топонимана маь1на дечохь, вайна цхьанна а меттахь цакарий и ц1е, цхьана къоман этнонимаца, я паччахьалкхан билгалонашца йоьзна йолуш. Ткъа цо, вайна шеца йицинарг яра шен х1ара ду аьлла билгаладаьхна дозанаш доцу, Кавказан-ана («латта»,- «мохк», «аренаш»), ша оьрсийн маттахь аьлча - «Кавказкое пространство».
Амма иштачу паччахьалкхан билгалонаш вайна хаалур яра, нагахь вай этимологи еш
хилларг, масала, «Кавказан Албани» боху топоним хиллехь. (профессора Ю.Дешериев цуьнан йина этимологи «Алвани» аьллачу кепара йина, цуьнан грекийн маттахь йолучу вариантехь – Ал - «князь», «феодал», «ва» - «есть», аьлла . Амма хила тарлуш ду, цу т1ехь иза нийса хила а). Вайна хетарехь, цуьнан этимологи ян йог1ура ширачу арамейн а, нохчийн а меттанашкахь – «Ал+бан» («а»,- «и»,- «е») аьллачу дашна т1ера схьа. Цу дешан хьалхара «Ал» боху дешдакъа вай юха туьдур дац, иза хьалхе а вай дукха дийцарна.
Т1аккха шоллаг1а долу «бан» (- «и»,- «а»,- «е») бохург, вайн тайп-тайпаначу диалектишкахь долу - «бен», «б1ан» а, ишта д1а - «ц1а», «чоь», «мохк», «туше» («населенный пункт», «зона обитание») бохучу кхетамехь а ша долуш, вайн меттан дешнех дош ду аьлла хетало.
Вуьшта нагахь «ан» лакхахьа вай оьрсийн маттахь - «пространство» аьлла билгаладаьккхина делахь, и «бан» («бен» и.д1.кх.а) бохуриг - «замкнутое пространство» бохучу маь1ница кхета дезаш ду вайна. Кхечу дешнашца ша аьлча, «шен цхьа дозанаш долу меттиг», паччахьалкхе хуьлий иза, масала, Нохчийчоь олучохь а, т1аьххьарчу «чоь» бохучо а билгаладоху и тайпа долу дозанаш. Цундела оцу «Ал»+«бан» («и»,- «е») бохучу топониман этимологи ишта хетта:
«Дела («Ал»)+«бен» («чоь», «ц1а», «мохк», «туше») бохучу кхетаме ю аьлла хета. Я кхечу кепара иза вай доцца аьлча - «Кавказан Албани - «Делера латта», «Дала шена дика делла меттиг», бохучу кхетаме нислуш ду. Цу тайпа, «Алани», «Албани» (тахана а, и тайпа ц1е йолуш юрт ю, Суьйлий-махках а) бохуш Кавказехь хиллачу мехкан ц1ераша дагатосу, вайн къаноша «Аллах1-Дела шен къинхетамца Макка, Медина цкъа бен цахьаьжна, ткъа Дег1астане (Кавказе - с.б.) кхузза хьаьжна», бохуш дийцина хилла долу дийцарш. Масала, оцу дийцарша доьзна хета, вайнаха шеца хьаналла, сеналла йолучу латтанах - «Дала дика дина латта ду х1ара», ткъа и дикалла шеца йоцучу латтанах - «Дала оьг1азло йина меттиг ю х1ара», олуш хилар а.
Цундела, вай тохара Жимачу Азехь хилла бохуш йицина «Сенаар» а, Кавказехь хилла йолу «Алани» а, цхьана нисъеш хьахор ларамза дацара. Кхузахь цхьанна а нохчийчуьнна этимологи ян цаезаш атта кхеташ ду аьлла хета, Тоуратан т1ера «Сена+ар» - «сеналлийн ара», «баьццара ара» бохучу кхетамца. И сеналлийн бос бу, Дала Ша кхоьллина долучу 1аламна иза хаздеш белларг а, адамна, хьайбанна Ша латтош долчу рицкъана - ял(тана), ал(ана) белларг а. Ткъа иза ишта хилар тидаме а эцна, оцу «Алани» бохучу дешан вай кхечу кепара этимологи яхь, и сеналлийн билгало а карор ю вайна «Алани» дашца а.
Ала деза, вай х1инца этимологи еш долу «Алани» (ала; «Аалани»), вай тохара этимологи йина долучу «Алани» бохучу дашна т1ера схьакхолладелла (производни) хилар. Х1инца и дош, «Ал» (ала. «аал») + «ан» («е»,- «а»,- «и») бохучу кепе д1а-схьа доькъур ду вай. Кхузахь вай кхин юха дийца оьшуш дац «ан» бохург, кхечанхьа а вай иза дукха дийцина хиларна. Хетарехь х1инца дешархо ша а кхетта хила тарлуш ду, вай ала г1ертош дерг - «Ал» («а»-дахде)+«ан» («а»,- «е») дуьйла. Шен оьрсийн маттахь долу масехь масал вай далийча – «сенные просторы», «пастбищные луга», «посевные долины» (и.д1.кх. а) бохучу чулацамашца хуьлуш долу.
Доцца аьлча, х1инца вай шоллаг1а шен этимологи еш долу «Алани» (Аалани), сеналла (-«аал- йол», - «ялта», - «буц») йолу, ана-аре бохучу кхетаме ду. Масала, «элан(алан) -ара(ана)», «алана т1ехь», «алан да», «алан ворда», «аланашкахь», «элан(алан) -дитт», «элан ана» и.д1.кх.а. Ишта йолу топонимаш а ю вайн махкахь, масала, «Алан цанаш», «Алан кхаш», «Элан к1ога», «Элан цана бийра», «Алан босса» (и.д1.кх. а). Цу тайпа, вай х1инца этимологи йина долу «Алани»(«Аалани»), Тоуратан т1ерачу «Сенаар» аьлла йолучу топонимаца цхьана кхетамехь ду. Амма ишта маь1на долу топоним тахана а ю, вайн луларчу махкан ц1арца. Оцу махкахь, Органца хьала бехачу нохчаша «Бац» (ала. «Баац») олу, ткъа цигарчу бахархойх «бацай» а олу вайнаха. И бацай банне а бац, вайн цхьаболучу 1илманчаша ма-дийццара, вайн халкъалахь шайха «бацбийцаш» бохучу этнонимаца бевзаш.
Т1аккха шайн тайпанашца уьш бийцича, царна юкъехь вайна карадо нохчйин тайпанаш: хилдехьарой, м1айстой, т1ерлой, хьачарой и.д1.кх.а. Вайга хаьттича, «Баца» бохучу мехкан ц1е схьаяьлла ю, нохчийн «буц» бохучу ц1ердашах (Сулейманов А. оцу дашах йина йолу этимологи; «Б1а+ц1ой» бохучу кепе ю. Шен оьрсийн маттахь болу кхетам; «Войско Христово» а болуш. Хьовса - «Топоними Чечни»). Масала, вайн аларш а ду - «бацалахь», «бецаца», «беца-жа», «беца-пхьид» и.д1.кх. а. Вай бохучунна тоьшалло до, «Бацой», «Бецахой» ц1ераш йолуш, нохчийн тайпанаш хиларо а.
М. Вачагаевс шен «Нохчийн тайпанаш» ц1е йолчу балха т1ехь цараха лаьцна ишта яздо: «Бацой-тайп грузинского происхождения, не путать с бацбийцами проживающими в Грузии. «Бецахой - тайп, неизвестного происхождения». Вайга хаьттича, Майрбека ша-шена йина цигахь и «путиница». И тайпа долу г1алаташ алсам кхин а карадо оцу балха т1ехь.
Цундела сан доттаг1ачуьнга (Майрбеке) ала луур дара, тахана вайн халкъана т1ех1оьттинарг вуно хала мур хиларе терра, ч1ог1а теллина а, лерийна а бан безаш бу и санна болу 1илманан белхаш. Х1унда аьлча, массо а аг1ора вайн къоман з1енаш ч1аг1ян хьовса деза вай, уьш ларамза а, вовшаха яхарна лар а луш. (Майрбек, сох нийса кхетар ву аьлла хета суна, ас цабоху, иза лерийна цадина, и данне а ишта дац хьуна. Амма цхьаболучу нохчашна оцу балхана т1ехула, цхьацца весаш хилла буйла, сайна хуу дела боху ас и).
Вуьшта, суна хетарехь, Нохчийчохь массо а тайпа шаьш нохчийн тайпанаш лоруш ду. Шайха цхьа ши тайпа д1адаьлчхьана. Цхьаъ цараха къурайшин тайпа ду, ткъа шоллаг1нийг....ду) Ишта йолу топоним а ю вайн махкахь, Зонахана гергахь, «баца-ирзе» олуш. Вуьшта Баца-махкара топонимаш а - «туш-баца», «лам-баца» (и.д1.кх.а) иштачу кхетамехь лара езаш ю аьлла а хета. Дешархочо шен тидам бан беза, вай дуьйцу «лам», «туш» бохург, шен чулацамца «ана», «ара» бохучуьнца цхьанадог1уш, ткъа «сеналла» боху алар, «аал»(йол), «буц» бохучу кхетаман маь1не хиларна. Масала, иза гуш ду, «сеналашка», «аланашка», «бацалашка» бохучу аларшца а. Дуста иза х1инца - «сенааренхой», «аланхой», «бацой» бохучу этнонимашца.
Вуьшта оьрсйин маттахь цхьана шина дашца церан кхетам бийцича иза хир бара - «жители плодородных земель» бохучу чулацаме. Ткъа «бацай» бохуш йолу этноним, оьрсий маттахь ша къастош йицича - «жители альпийских лугов», я «обладатели пастбищно-сенокосных угодий» бохучу маь1не а хуьлуш. Т1аххьара вай аьлларг т1еч1аг1деш санна ду, бацайн 1эр-дахар даима а дахнашна доьзна хилла хилар. Церан цу т1ехь баккхий кхиамаш буйла гойту нохчаша «бацайн-хьайба» олуш бежна а, ткъа Кавказехь уггаре х1у ц1еначу жах, вайнаха шайха «бацай- жа»(«тушинская порода») олуш, уьш ишта билгаладохуш хиларо а.
Ткъа муьлхачу динехь бу бацай аьлла вай кхузахь цхьа хаттар х1оттадахь, вайна цаьргахь ц1енна «кериста» дин а карор дац. Цундела цаьрца ширачу заманашкара йиссина цхьацца 1асаллийн билгалонаш хиларна, ламароша цараха «лам-кериста» а олу. Цу хьокъехь дуьйцучохь дало луур дара бацайха лаьцна, ша махкаха воккхучу хенахь Кунта-хьажас аьлла ду боху - «Цхьа дагахьбалам бисна сан Дег1астанахь (Кавказехь) т1аьхьа, нагахь со бацайн-ломан дуькъе а ваьлла, цкъа азанна кхайкхина хиллехь, цигара мел волу бацай имане вог1ур вара». Г1алг1ашка а има диллийтиначу Кунта-хьажас бацайха иза алар кхета деза, мел герга бу бацай имане бахка, нагахь вай бусулба дин шайна д1ахьехахь.
Ткъа х1инца, «Сенаар», «Алани», «Баца» бохуш вай тидина долу ц1ердешнаш дуста луур дара, тохара вай кхечу балха т1ехь, шайн этимологаш йина йолучу «Хурри», «Хатти», «Урарту», «Арарат», «Нахерия» бохуш хиллачу топонимашца. Т1аккха вайна хаало, церан массеран а чулацам, нохчийн маттахь шайн цхьа маь1на долуш хилар, ша лаьттан дикалла а, хьаналла а билгала а йоккхуш. Ала деза, вай х1етахь а, х1инца а цу латтанин ц1ерах йина этимологеш, алха, цхьана нохчийн маттаца йина яра, кхечу меттанех пайда а цаоьцуш.
Цу т1ехь х1ара дийцар чекхдаьлла лара мегар долуш дара, нагахь Татарстанера «Камские поляны» олуш йолу топоним, суна ларамаза г1езалойн маттахь «Кама алани» бохуш юйла цахиънехь. Цул т1аьхьа, туркойн-нохчийн дошам (Лепиев А. Лепиев И.) т1е хьаьжча, оцу «алан» бохучу дешан маь1на нохчийн маттахь - «майда» бохург дуьйла а хиира суна.
Иштачо гойтура, и дош, массо а къаьмнаша нохчашкара д1аэцна хила тарлуш дуьйла, ша цхьанна а тайпара, х1ийрин меттан долахьа дош а доцуш. Вуьшта, цу дешан кхин цхьа къайле а ю аьлла хета суна, иза ишта хилар а, вайн къомана ч1ог1а бале ялар а долуш. Цундела х1окху дийцаран чакхе хила еза моьттуш ву со. Амма, т1аккхахула.
P.S.
Делахь а, и дийцар вайн цхьацца бахьна х1оттина дийца йиш цахилахь а, цхьа ши дош эр дара ас, «Ичкери» бохучу вайн паччахьалкхан ц1арах лаьцна. Уьш суна ишта ала дагадар а, вайн Парламентера цхьана депутата Амагов Д., цу ц1арах бохург сайна хазарна ду. Нагахь иза, цо ма бахха делахь, инзаре тамашина цакхетам хета и. Х1унда аьлча, «Делан латта» («Алани») бохучу вайн маттарачу дешнашца, кхечу къомо шайн махкана ц1е туьллу, ткъа нохчаша «Дахний мохк» («Ичкерия») бохучу кхечу къоман дешнашца шайн къоман паччахьалкхан ц1е а туьллу.
Лерамца, Адам Итон.

Открытое письмо Амиру муджахедов Кавказа, бывшему президенту ЧРИ Доке Умарову.
Ассаламу алайкум варахьматулЛах1и ва баракатух1.
Брат мой по вере! Пишу тебе это письмо, без всякой уверенности, что оно дойдет до тебя. Обратиться к тебе лично с письмом меня заставляет то уважение которое я испытываю к тебе лично, как к муджахиду, как к человеку, который испытывает трудности на пути Священного Джихада, наконец, как к чеченцу, ранее возглавлявшему Чеченское Государство.
Я не буду напоминать тебе об отрицательном отношении многих чеченцев к упразднению тобой Чеченского Государства, за которое отдали свои жизни такие сыны чеченского народа как Джохар Дудаев, Зелимхан Яндарбиев, Аслан Масхадов, Абдул-Халим Садулаев, Шамиль Басаев, Руслан Гелаев, и многие, многие другие чеченские Къонахи, ставшие шахидами на войне за Чеченское Государство. Я не буду тебе напоминать об этом, да и не хочу. Знаю, что тебе об этом говорили многие, кто имеет больше морального права, чем я, который по воле Всевышнего оказался далеко от Нохчийчоь, не имея возможности продолжить защищать свою родину от врага в рядах муджахедов из-за состояния здоровья.
Вай дайша олуш хиллакх: «Тешам боцу накъосташна хьо т1етовжахь – тешам боцуш хира ду хьан г1улкхаш».
Докка, мне не столько обидно за все эти споры про ЧРИ и Имарат, сколько обидно за то, как прикрываясь твоим именем эти тешам боцу накъосташа, дискредитируют даже ту идею создания кавказского государства, не говоря уже об остальном. Мне обидно, что они своими действиями по отношению к тебе буквально выставляют тебя на посмешище перед всем миром.
Ты объявил себя Амиром народов Кавказа. Не мне тебе говорить об ответственности. Весь мир скрупулезно наблюдает за каждым твоим словом, не говоря о новой политической линии Имарата, которую ты озвучил в своих последних видео-выступлениях. Настоящий Къонах не разбрасывается словами, а глава государства уж тем более не может разбрасываться словами, и без видимой причины менять политическую линию государства в международной политике. Для этого, чтобы изменить государственную политику должны быть веские причины, которые соответственно озвучиваются главой государства.
Как сказал один из праведных халифов Али (да будет доволен им Аллах): «Человек хозяин своего слова, пока он его не сказал. Но если он его сказал, то человек становится рабом своего слова».
Докка, одним из тех тешам боцу накъостех, которые находятся в твоем подчинении является твой министр Удугов Мовлади. Прикрываясь твоим именем, Удугов Мовлади выставляет твое имя на посмешище всем, кто читает твои указы и заявления. Не буду говорить про все, укажу тебе только на один из последних и фактов издевательства над тобой как главы государства Имарат.
Я помню, как ты в одном из своих заявлений сказал, что накажешь своего представителя и Удугова за задержку публикации своего заявления по поводу объявления Имарата. Тогда была всего лишь задержка публикации твоего заявления. А сейчас Удугов от себя изменил текст твоего заявления, убрав оттуда концептуальную составляющую внешней политики государства Имарат. То что, изменение сделано без твоего ведома совершенно очевидно, потому что ты не делал по этому поводу официального заявления, а значит и не менял свою позицию по этому вопросу.
Насколько известно, ты не изменял, озвученную тобой, новую политическую линию Имарата Кавказ по отношению к кафирам. Но Удугов Мовлади позволил себе это сделать за тебя, и как очевидно, самым наглым образом и без всякого спроса у кого-либо.
Всем известно, что если бы эти изменения исходили от тебя, то ты бы, несомненно, объяснил бы причины изменения внешней политики ИК. Более того, я уверен, что ты об этом даже не знаешь. Именно из-за этой причины мне больше всего обидно за тебя Докка. Из-за того, что Удугов изменяя без твоего спроса твое – Амира муджахедов Кавказа, заявление выставляет тебя на посмешище перед всем миром. Речь идет об официальном релизе твоего «заявления о провозглашении Кавказского Эмирата».
Докка, та часть текста, которые Удугов вырезал из твоего заявления, как я уже сказал, не является простым рядовым сообщением. Твои слова, которые Удугов вырезал имеют огромное, можно сказать, главное значение в политике ИК с внешним миром. В своем заявлении, Докка, ты объявил войну Америке, Англии, Израилю и всему кафирскому миру, который воюет с мусульманами:
«Сегодня в Афганистане, Ираке, Сомали, Палестине сражаются наши братья. Все кто напал на мусульман, где бы они не находились – наши враги, общие. Наш враг не только Русня, но и Америка, Англия, Израиль, все кто ведут войну против Ислама и мусульман».
Именно в такой форме было сделано тобой это заявление. Но если посмотреть СЕЙЧАС на текст «Официального релиза заявления Амира Докки Умарова о провозглашении Кавказского Эмирата», то на «Кавказ-Центр», «Сaucasuslive», сайт Векалата ИК и всех других Удуговских сайтах, приведенный мной абзац выглядит совсем по другому, чем был в первоначально до недавних пор:
«Сегодня в Афганистане, Ираке, Сомали, Палестине сражаются наши братья. Все кто напал на мусульман, где бы они не находились — наши враги, общие. Наш враг не только Русня, но и все, которые ведут войну против Ислама и мусульман. И они наши враги в первую очередь потому, что они враги Аллаха».
Этот подлог можно без труда можно заметить, если сверить нынешний текст на «Кавказ-Центре» с оригиналом на других чеченских сайтах, который до сих пор сохранился в первоначальном виде, к примеру на «Амине», на «Тептаре», на «Чеченпресс», на «Сhechenews».
Удугов обвиняет чеченских «демократов» в том, что они надеются на Запад и боятся его. Чего же тогда сам испугался Удугов этого кафирского Запада? Неужели он не знает, что сколько бы не пытался весь мир сделать нам зло, он не сделает его больше, чем это захочет Аллах? Так чего же испугался Удугов этого Запада больше, чем Аллаха, и вырезал твои слова, в которых ты назвал этот Запад нашим врагом?! Почему он посмел вырезать твои слава, Докка, слова Амира муджахедов Кавказа, из твоего же официального заявления?!
Знаешь, Докка, почему Удугов это сделал? Он это сделал потому, что ему наплевать на то, что он своими действиями выставляет тебя как главу государства на посмешище перед всем миром. Удугов это сделал потому, что ему наплевать на то, что после этого ты будешь выглядеть марионеткой в его руках.
Ты говоришь, что: «Наш враг не только Русня, но и все, которые ведут войну против Ислама и мусульман»? Но Удугов плюет на твои слова и говорит, что «Руководство Имарата Кавказ не собирается вмешиваться во внутриполитические процессы в Грузии и всегда готово к конструктивному диалогу и контактам с ответственными представителями». И это он говорит о кафирской стране, которая воюет с мусульманами в Ираке, и которую ты объявил врагом мусульман.
Abdu-Aziz, muhajir iz Danii.

Открытое письмо Удугову.
Есть категория людей, рассматривающих чеченский народ лишь в качестве исходного материала для осуществления своих гнусных экспериментов. Ты, Мовлади, из таких, твой брат из таких, эскежалимы на твоей службе и арабские агенты-алимы, наводнившие Чечню в конце 90-ых тоже из их же числа. У вас есть четко обозначенные цели и методы их достижения, но до самого народа вам нет НИКАКОГО ДЕЛА! Более того, вам ненавистно все чеченское, потому что в национальном самосознании чеченцев первая и главная преграда для ваших грязных замыслов. Именно поэтому вы годами пытаетесь внушить нам, что быть мусульманином и чеченцем одновременно нельзя. Вам даже сам чеченский язык ненавистен и потому вы неустанно «обогащаете» его «вилаетами» и «мухабаратами».
Кстати, Мовлади, по части неологизмов ты уже состоявшийся специалист. Оказывается, существуют «еврочеченцы». Автор открытия – малоазийский чеченец. Вполне объяснимо желание сузить круг своих оппонентов, придумывая новые выражения вроде «Лондонской группировки», но твой оппонент не «Лондонская группировка», а чеченский народ, для которого ты и есть невесть откуда взявшееся инородное тело и которому ты сурово возмещаешь свою ущербность, подвергая его садистским экспериментам.
Я вовсе не знаток ислама и даже не «хьафиз» Крачковского, но у меня достаточно ума понять, насколько несопоставимы с Исламом слепо копируемые тобой политтехнологии большевиков. Однажды, помнится, говоря о необходимости «очищения» рядов, ты даже охотно цитировал Ленина. Видимо, не удержался. Абсолютное пренебрежение к людям – главное, что тебя с ним роднит. Люди – ничто, цель – все.
Одним росчерком пера ты зачислил всех несогласных с тобой в «антиисламские элементы». Зачислил не только ныне здравствующих своих оппонентов, но и всех погибших сторонников Чеченского Государства. Погибших в то время, когда ты, не перестану тебе напоминать, удрал. Сражаясь на пути Всевышнего, они не разделяли веру в Него и любовь к Родине, но твоя псевдоученость объявила сегодня это сочетание запретным. Уверен, ты бы еще многих отнес к «элементам», к примеру, удаленного твоими интригами от Докки Амира Мансура, но это, как говорится, не твоя высота.
Снова и снова пытаясь разобраться в случившемся, прихожу к выводу, что я лично не склонен переживать из-за Парламента с его конституцией и МИДа. На них Западу плевать, так же, как и продажному Востоку. Впрочем, и тем, и другим одинаково плевать и на новое образование «Имарат Кавказ». Никогда не питал иллюзий на этот счет. Все мои надежды связаны только с Всевышним и теми, кто с оружием сражается на Его Пути.
Но ты, Мовлади, не из них. Ты даже душой не с ними. Люди знают о твоей лицемерной сущности. Все, кого ты зачислил в «антиисламские элементы». Все, к чему ты прикасаешься, дурно пахнет и потому твое, отрицаемое тобой АВТОРСТВО в проекте «Эмират» вызывает ТРЕВОГУ!!!
Сегодня ты ловко прячешься за спинами муджахедов, но их тебе своим причислением к ним не очернить. Рано или поздно именно тебя они отторгнут, как побочный элемент, паразитирующий на их здоровом организме. Далла мукълахь! И если Масхадов (шахид) дает тебе четкое определение, именуя известной птицей, а ты с этим не согласен, у меня, ты уж извини, есть все основания верить ему, а не тебе.
Iabdulla
E-mail: abdullahh_07@gmx.de
Салам алейкум.
Хотел бы вкратце прокоментировать письмо Виктора Ромах, помешённое на вашем сайте 24 декабря, 2007 года. Уважаемый Виктор вы пишите:
«В отличие от многих ваших соотечественников, я не вижу никакой трагедии в том, что Амир моджахедов Кавказа Докка Умаров объявил об упразднении ЧРИ. В то же время, считаю глупостью объявлять врагом Ахмеда Закаева, который предпринял решительные шаги к юридическому сохранению ЧРИ. Оба эти решения я считаю правильными, более того, единственно верными на данном этапе вашей национально-освободительной
борьбы...», - и с этими вашими словами трудно не согласится.
Действительно сейчас положение дел таково, что расширение вооружённого сопротивления на всю территорию Северного Кавказа и привлечение к нему других народов может облегчить антиимперское сопротивление. Тем более, если я ничего не спутал, что и сам Д.Умаровым заявлял, что объявление Имарата не упраздняет суверенитета Чеченской республики. Проблема в другом. На мой взгляд сторонники ЧРИ в своём подавляющем большинстве принимают и одобряют озвученную вами позицию, а вот сторонники Имарата - нет.
На мой взгляд сегодня наиглавнейшая и наинасушнейшая задача - это объединение с целью решения главной цели - независимости от России и все кто эту идею разделяет - с нами.
Модель правовой системы Чеченского государства - это вопрос внутреннего диалога между чеченцами в УЖЕ ОТВОЁВАННОМ независимом государстве. Заниматься выяснением этого вопроса сейчас в условиях войны - просто не разумно, тем более, что война в Чечне идёт ЗА САМО ПРАВО чеченского народа на свободное определение той системы жизни которое он предпочитает, т.е. право определить хочет ли чеченский народ Имарат или ЧРИ - ещё надо отвоевать.
Но по всему похоже, что и этот вопрос сторонники Имарата уже сами для себя и за всех решили.
С уважением, Наиб.
Ассалом-1алаикум Тхьамда.
Хьан пурбанца, Асхьабе вист хир вара со. Асхьаб, хьаина хуург массарна а хаззош д1ааларна баркалла хьуна. Оцу нахах лаьцна и санна дерг хууш, ваина юкъахь дукха нах бара. Амма тхоьгахь, хьоьгахь санна доьналла цатоьира и цаьрга д1аала. Х1инца цараха лаьцна кхин д1адерш а хьоьга схьадиица бохучу наха, шаин хабарш юьйцу. Моьттур ду, ахь х1уъу диицича а, вукхарна цхьа-цхьа иэхб-бехк хетар ду. Шаьш кхоллиначу Далах а иэхь цахеташ болучу. Ахь х1етахь диинарг къонахчуьнан къамаьл дара, ткъа х1инца, мацахь Масхадовс йициначу котамо Удуговс «къа-къа» моссаза эли, хьо жоп делла вер вац
1одика йойла, Леча.

Новая модель мобильного телефона.
Голландская компания Polymer Vision разработала мобильный телефон с вогнутым дисплеем. Новинка получила название Readius. Этот аппарат создан совместно с компанией Philips, которая частично владеет Polymer Vision.
Readius снабжен 5-дюймовым (12,7 см) черно-белым дисплеем из электронной бумаги, поэтому экран может сворачиваться и разворачиваться. Смысл этого в том, что дисплей таким образом заметно увеличивается, а затем может быть свернут до размера карманного устройства.
Устройство способно работать от штатной батареи до 30 часов без подзарядки. Вес новинки 115 грамов.
Телефон, а вернее коммуникатор Readius появится в продаже во второй половине 2008 года. Его цена пока неизвестна.
В планах компании создать через 2 года подобное устройство и с цветным дисплеем.
Новости из Тарарстана:
***
Нет христианизации!
Татарский общественный центр (ТОЦ) на еженедельном общегородском собрании принял решение провести пикет протеста против произвола попов города Набережных Челнов. 26 января с 10.00 до 11.00 часов в Набережных Челнах в поселке ГЭС возле роддома №1 состоялся пикет протеста против крещения новорожденных детей татар-мусульман в палатах роддома, произошедшего 16 января 2008 года. До начала пикета, в ответ на уведомление организаторам Гамилю Камалетдинову, Фагиму Валееву, Рафису Кашапову, Марзие Закировой администрация направила письмо, в лице начальника Управления по связям с общественностью и средствами массовой информации Нурмухаметовой Валентины Аблакатовны, где написано:
«Проведение публичного мероприятия возле здания роддома создаст угрозу срыва своевременного и качественного оказания медицинской помощи и является нарушением лечебно-охранительного режима (письмо № 8, 22. 01. 2008г).»
Однако обратимся к логике, к сути предложения администрации. Когда поп ходил по палатам в своей черной нестерильной одежде, брызгал водой неизвестного качества и крестил младенцев, ввергая в шок их родителей – все это как-будто не создавало опасности.
Неужели, Валентина Аблакатовна и другие чиновники города Набережных Челнов, в том числе руководство республики Татарстана не знают, так называемую идеологию построения православно-тоталитарного государства. Готовятся к внедрению преподавания христианской религии в школе, введению института церковных в армии, к полному внедрению в властные органы. В этом случае российских мусульман ждет поголовная христианизация. В многонациональной Российской Империи принят к исполнению негласный Проект церковизации чиновников, средства массовой информации, школы и вузов, армии, и всех прочих областей жизнедеятельности; на «высшем законном» уровне разработчиками Проекта является группа из числа ультраконсервативного священничества РПЦ и ФСБ.
Вы готовы к скорейшему внедрению этого кремлевского Проекта? Скажите, как можно жить в стране, где ущемляются права людей, их честь и достоинство? Пока вы продолжаете, поддерживать шовинистскую политику империи, удерживая в крепостнической зависимости нерусские народы, пути наши не с равными правами, и нарушать национальные и религиозные права, ущемлять, посягать на них - смертельный грех! Мы никогда не должны забыть! Под знамением этой иконы попы вели насильственное крещение мусульман и язычников Казанского ханство (татар, башкир, чувашей, мари, мордвы, удмуртов, коми), сопровождаемое наказанием несогласных креститься вплоть до смертной казни. Вместе с православными попами шли войска.
А, что же принципиально изменилась между прошлым и настоящим - абсолютно ничего. Однако принудительным крещением, насильственной ассимиляцией в отличие от многих государств Европы и Америки Россия впереди всех. До сих пор крещение проводится в колониальных регионах Поволжья и Сибири. Все видели попа, который освещает солдат, оружие, танки, самолёты, ракеты и вообще все что под руку попадется. Результат - массовое убийство мусульман на Кавказе. Кто же после этого не скажет о крестовом походе православных Российской империи?
Народы Северного Кавказа с не меньшим на то правом могут требовать признания геноцида мусульман Северного Кавказа.
Защита отечества, защищать национальные права есть священный долг каждого гражданина и долг татарского народа!


Плакаты пикета:
Заведующего роддом №1 Теплякова – в отставку за нарушение санитарного режима!
Долой попов – разжигающих межрелигиозную рознь!
Явыз Иван заманын – кайтармаска!
Открыть отдельный роддом для мусульманок!
Прекратить практику «Освещения» родников и артезианских вод попами!
Идрисов Рустам
Пресс-секретарь НЧО ТОЦ
Татарстан, г. Набережные Челны, tatar_center@yahoo.com

Iадика йойла вежарий, йижарий,
как всегда жду ваших писем.
|